ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн тобанца тIелатарш дина аьлла, кхел йина нохчочунна


1999-чу шарахь Басаев Шемалан тобанца оьрсийн эскархошна тIелатар дина аьлла, бехкевечу Батаев Русланна 14,5 шо хан кхайкхина Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело набахтехь яккха. Ставрополан кIоштарчу ФСБ-н пресс-гIуллакххоша бина и хаам.

"Талламаш дIахьочу юкъанна бехкевечо даредина ша бехкехиларан. Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело бехк тIе а чIагIбеш, 14 шой, ах шой хан тоьхна цунна набахтехь яккха", - аьлла бу хаам.

Къайлахчу сервисийн версица, 1999-чу шарахь Нохчийчохь леллачу гIаттамхойн тобанах шен лаамехь дIа а кхетта, тIемалойн куьпахь кечамаш бина, тIемашкахь дакъалаьцна ву иза. Оццу шеран гурахь Басаев Шемала а, Хаттаба а куьйгалла а деш, Червленнехь хиллачу эскархойн декъанна тIелеттера уьш. Оцу тасадаларшкахь 15 федералан эскархо вийра, 28 чевнаш йира. Червленнехь динчу тIелатарна бехкебина еха хенаш йиттина набахтехь ву Басаевн тобанера 23 декъашхо, кхин а 6 федералан лехамашкахь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG