ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн цIераш тохкуш яц Нохчийчохь берашна


Шо шаре йовш лаьтта дуьненчу дуьйлучу берашна хIинццалц тохкуш, лелийна нохчийн орамаш долу цIераш. "Нохчийчоь Тахана" агенталле бина цу кепара хаам Старопромыслан кIоштарчу адам кхиар-далар тергонехь латточу урхаллан (ЗАГС) куьйгалхочо Ахмедова Хьасимата.

"Хан-зама яьлча Нохчийчохь тохкуш хилла нохчийн цIераш юкъара дIайовла там бу", - аьлла, билгалдаьккхина цо.

Дукха хьолахь карарчу заманахь Нохчийчохь дуьненчу дуьйлучу берашна тохку бусулба пайхамарийн, церан гергарчийн, накъостийн цIераш.

Ленинск кIоштарчу ЗАГС-ан зерашца, Мухьаммад цIе туьллу дукха хьолахь дуьненчу дуьйлучу божаберашна. Пайдаоьцу IабдуллахI цIарах а.

Зудабершлахь яьржина Сафия, Хадижа цIераш, билгалдоккху Старопромыслан ЗАГС-о.

Нохчийн орамаш долу Леча, Лоьма, Iаьлви, Яха цIераш Советан заманахь гоьевлла яра аьлла, яздина агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG