ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу шина вешин да Гасангусейнов мехкан куьйгалхочух кхета лууш ву


2016-чу шарахь вийначу ГасангусейновгIеран шина вешин да Гасангусейнов Муртазали юха а ша цхьаъ пикете хIоьттина ХIинжа-ГIаларчу коьртачу майданахь, хаамбо "Кавказ.Реалиис". Ларамза вийна ши ваша аьлла, дIахьединчу Дагестанан куьйгалхочуьнца Васильев Владимирца цхьанакхета лаам бу цуьнан хIинца.

"Сан бераш ларамза дайина аьлла Васильевс. ТIемалой а ларамза бина царех? Жа дажочу цу шинна тIе ларамза нисбеллла хилла полисхой? Шемалан кIоштан полицин декъера сан шина кIентан декъий арадохучу зударшна тIехула ларамза герзаш диттира полисхоша? Ларамза дара ворхIозза митинг хIотто тхуна дуьхьалояр а? Ларамза ду шина шарахь сов сан шина кIентан гIуллакх листар а, куьгбехкенаш жоьпе ца озор а? ХIаъ, ишта ларамза хир ду-кх, Васильевс со тIе ца лацар а...", - хеттарш хIиттадо Гасангусейновс.

Цул совнах, пIераскандийнахь ХIинжа-ГIалин мэран гIовсах Алхасов Запирца цхьанакхета а лаам бу Муртазалин а, цуьнан векалан Гасанов Джамбулатан а. Митинг хIоттон бакъо ца елларг иза ву.

2016-чу шарахь Шемалан кIоштарчу Гоор-ХIиндах эвлахь йоьдучу леринчу операцехь вийра 17 шо долу Наби а, 19 шо долу Гасангусейн а. ТIемалой бара уьш аьлла, дIакхайкхийра ницкъаллийн структураша, амма бахархой ца тийшира оцу информацех.

Эххар а прокуратурано бакъдира, байинарш гIаттамхой бацара аьлла, амма хIетте а ши шо даьлча а билгалбахаза бу зуламна бехкенаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG