ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь беха нохчий цIаберзор бу аьлла, дош делла махкарчу Iедалхоша (Видео)


ГIалгIайчохь бехачу нохчийн мухIажиршца цхьанакхетта Нохчийчуьра Iедалхой. "Вынужденные переселенцы" цIе йолчу организацин жигархоша кхайкхамбинчул тIаьхьа, Кадыров Рамзанан дехарца Соьлжа-ГIалин мэрехь цхьанакхетар хилира церан, яздо "Нохчийчоь Тахана" агенталло.

Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь хIусамаш йохийна, шайна хилла зен меттахIоттор дехнера нохчийн бахархоша шаьш тIеэцначу гIалин мэран гIовсе Бурсагов ИбрехIиме а, кхечу лакхарчу хьаькамашка а.

Цул совнах, ца бевллачу денна мухIажирш хилачара хьехна царна Оьрсийчоьнан низамехь хийцамаш бар а. Уьш тешна бу, шайн йоьхначу хIусамашна дуьхьал Кадыровс керла хIусамаш кхачор ю аьлла.

ХIинццалц организацин жигархоша кхайкхамашбар тергамза дуьтуш хиларна, хIинца Кадыровс жоп делча цхьа дегайовхо лаьтта ГIалгIайчурчу нохчийн мухIажиршкахь.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG