ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арашуковн гIуллакхах комментари йина Кремло


Арашуков Рауля газ лачкъийна аьлла, долийначу гIуллакхан гонах журналисташа деллачу хаттарна жоп делла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Оцу юкъанна, хаамийн гIирсашкахь верси юьйцу, АрашуковгIар лацар а, Нохчийчоьнна газах 9 миллиард декхар ца дитар а вовшашца доьзна хиларх.

"Хенал хьалха дуьйцийла яц цунах",- аьлла Песковс. Оцу гIуллакхан хьокъехь кховдийна бехк бу, кхелахоша кхи дIа листа дезаш ду и дерриг а аьлла пресс-секретаро.

Кхааридийнахь Федерацин Советан йоьдучу кхеташонехь дIалецира зуламхойн тоба вовшахтохарна бехкевен сенатор Арашуков Рауф. "Газпроман" 30 миллиард сом шен кисана диллина аьлла, шеконашца лецира сенаторан да, "Газпром Межрегионгаз" компанин куьйгалхочун хьехамча Арашуков Рауль а.

Регионийн социалан-экономикан ситуацина тIехь терго латточу экспертна Зубаревич Натальяна хетарехь, Арашуков Рауль лацар доьзна хила тарло Нохчийчоьнна газах декхар дитар хьехорца. Нохчийчоьнна дала жоп дац федералан, цундела цара и акци дIаяьхьна, газ лачкъочу нахаца къийсам шаьш муха латтабо гайтархьама, боху Зубаревича.

Оцу юкъанна, кхечу эксперташа билгалдоккху, Нохчийчоьнан декхарх дийца а даккхале, Арашуков Раульна тIаьхьа бевлла бара ницкъахой аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG