ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аьрга-Хишкахь дина тIелатар шайна тIелаьцна даIишо


Нохчийн полисхошна динчу тIелатарехь вийна ГIалгIайчуьра вахархо Бельтоев Мансур шайн тIемало вара аьлла, дIакхайкхийна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша.

Маршо Радионо яздира, байначу беттан 28-чохь махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаамбарца, де хьалха полисхойн постна тIелеттера аьлла. Урхаллан версица, Аьрга-Хишкан йистерчу постехь автоматаш йиттина, чевнаш йинера шина ницкъахочунна, тIаьхьо вийна карийнера тIелатар дина хилла 24 шо долу ГIалгIайчуьра вахархо Бельтоев Мансур.

ДаIишхоша тIелатаран жоьпалла шайна тIелаьцна аьлла информаци яржийна "Наба" газетан агIонехь, яздо даIишхойн жигараллана тIехь терго латточу Directorate 4 хьостано.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн материалехь билгалдаьккхина вийна гIалгIайн вахархо шайн тIемало вара аьлла, ткъа тIелетта меттиг "Нохчийчоьнан декъа тIера Ставрополан кIошт" аьлла, билгалъяьккхина ю.

"Географин гIалаташ доцург а, авторша яздо постехь тIелеттачо пулемет йиттинера, полисхойн техника а ягийна, масех ницкъахо вийна бохуш яздина "Наба" газетан агIонашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG