ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахархошкара газах 123 миллион декхар охьатасийтина шаьш аьлла пурстоьпаша


Нохчийчуьрчу бахархошна газах 9 миллиард сом декхар дита деза аьлла, кхелахойн сацамна гонах скандал иккхинчу юкъанна меттигерчу кхелан пурстоьпаша дIахьедина, бахархошкара нуьцкъаша газах 123 миллион схьадаьккхина шаьш аьлла. Декхарш схьа ца лучийн газ дIахедайо газан белхахоша.

"Дахначу шарахь газах а, тоьках а 265 миллион 560 эзар сом декхар бертаза схьадаьккхина. Оцу ахчанах 123 миллион деккъа газах ду, ткъа 142 миллион 560 эзар сом тоьках", - аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталлан корреспонденте кхелан пурстоьпийн республикерчу урхаллин белхахочо.

Ишта цо бахарехь, тIедогIучу пIераскандийнахь дуьйна рейдаш йолош ю цара кхидолчу коммуналан хьелех а, гIуданех а тIехьерчийна декхарш схьалехьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG