ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров дIаваккхар дехначу бахархошна жопдалар дIатеттина Кремло


Евкуров Юнус-Бек
Евкуров Юнус-Бек

Мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек урхаллера дIаваккха аьлла, ГIалгIайчуьрчу жигархоша Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран администрацига чукхачийначу кехатах сацамбар дIатеттина Кремло.

Маршо Радионо яздира, Путин Владимиран администраци баьхкина ГIалгIайчоьнан векалш - къано Барахоев Ахьмад а, бакъонашларъярхо Муцольгов Мохьмад а, Москох веха адвокат Ахильгов Калой а аьлла. Республикерчу 50 эзар вахархочо куьйгъяздина президенте кехат дохьуш баьхкинера уьш.

ГIалгIайн къаноша яздинчу кехат тIехь дуьйцура махкарчу ледарчу социалан-экономикан хьелех а, яьржинчу коррупцех а, низамаш талхош хиларх а. ГIалгIаша доьхура:

1) нохчийн-гIалгIайн дозанаш хуьйцуш бина сацам юхабаккхар;

2) Евкуров Юнус-Бек куьйгаллера дIаваккхар;

3) репрессеш лайначарна реабилитаци еш 1991-чу шарахь арадаьллачу низаман хIора а пункт кхочушъяр.

Бахархойн хеттаршца болх бечу департаментан куьйгалхочо Григорян Эрика хьалханча Барахоев Ахьмад тIе а эцна, дош деллера цунна, гергарчу шина дийнахь чуделла арз луьстур ду шаьш аьлла.

Байначу беттан 31-чу дийнахь гIалгIайн жигархошна жоп деара Москохара, церан кехат- дехарх сацамбар цхьана баттана дIадахдина шаьш аьлла, хаамбина "Кавказкий узел" агенталле Муцольгов Мохьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG