ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов Борисна Москох хIоллам хIоттор доьху юкъаралхоша


Немцов Борис даимна а дагахь вуьтуш, цуьнан иэсан хIоллам хIоттор доьхуш, юкъаралхоша Москохан мэре Собянин Сергейга кхайкхамбар зорбане даьккхина "Новая газетано" пIераскандийнахь.

Карарчу беттан 27-чохь 4 шо кхочу Кремлна гергахь оппозицин политик Немцов вийна. Иза вийнарш билгалбаьхна, таIзар токхуш белахь а, Немцов вен кхачийнарш хIинца а карийна бац.

Стохка аьтто хилира Немцов ваьхначу цIийнан пена тIе у тоха. Вашингтонерчу майданна а, Вильнюсерчу скверна а Немцов Борисан цIераш техкира, кхин а цхьа могIа пачхьалкхашкахь тахкар дийцаредеш ду. Политик вийначу меттигехь халкъан мемориал ю хIоттийна, кест-кеста Iедало хецнадитарна, зуламхоша йоха а еш, яздо публикацехь.

Оьрсийчоьнан а, Москохан а Iедалшна юкъаралхоша тIедожийна:

- Немцов вийначу меттигехь къепе латтаяйтар, массарна а цIерашца бевза хIаллакдархой жоьпалле озор, ишта SERB тобанхой а цхьана;

- Москворецкан Доккхачу тIай тIехь мемориалан билгало хIоттор.

Кехатан авторша билгалдоккху, цу кепара кехат Москохарчу Iедалшка шо хьалха а дахьийтина хилар а, цара иза тергамза дитар а.

Москохахь хIинцале а хIолламаш хIиттийна Чавес Угона а, Кадыров Ахьмадна а. Тхо тешна ду, Кадыровл а, Чавесал а Немцов Борис дагахь хиларх Москохарчу дукхахболчу бахархошна аьлла, яздина кхайкхамехь.

Петицина куьйгашяздина актрисас Ахеджакова Лияс а, режиссеро-мультипликаторо Бардин Гаррис а, бакъонашларъярхочо Ганнушкина Светланас а, политико Гозман Леонида а, экономисто Гонтмахер Евгенийс а, историко Зубов Андрейс а, бакъонан профессора Лукьянова Еленас а, музыканто Макаревич Андрейс а, ишта дуккхаъ кхиболчара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG