Украинан миграцин урхалле чуеллачу искна жоп ца лахь, БуьритIера орамаш долчу гIалгIана Мейриев Русланна Оьрсийчу экстрадици ян тарло, хаамбо "Кавказ.Реалиис". Мейриевн адвокато Лапин Александра бахарехь, Инарла прокуратурано тоххарехь дIавелла хир вара иза Оьрсийчоьне, амма миграцин хьукматехь цуьнан гIуллакхах йист яланза хиларна, дIадахдина.
Яхначу аьхка тховкIело яла шолгIа дуьхьало йина 34 шо долчу Мейриев Русланна Украинерчу миграцин урхалло. 2012-чу шарахь Оьрсийчуьра аравелира Мейриев, ткъа 2013-чу шарахь дуьйна украинхойн зуда а йолуш, Украинехь вехара.
Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша 2015-чу шарахь бехкзуламан гIуллакх долийра цунна дуьхьал. Террорхойн организацехь дакъалаьцна ву аьлла, шеконашкахь латтош ву иза.