ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Граната лелорна кхел йина Нохчийчуьрчу вахархочунна


Шеларчу кхело набахтехь даккха цхьа шо а, ахчанца гIуда а тоьхна меттигерчу вахархочунна, бакъо йоцуш оьккхуьйтург лелорна. Талламчийн версица, ши шо хьалха шен юьртахочунна куьйга йина граната йоьхкина хилла цо. Стохка тIекхиъна полисхой оцу зуламна. Бехкзуламан гIуллакх а долийна, бакъо йоцуш оьккхуьйтург ярна а, лелорна а, йохкарна а бехкевина, цхьа шо набахтехь а доккхуьйтуш, 10 эзар сом гIуда хьарчийна Шеларчу вахархочух.

Дахначу шарахь Нохчийчохь 286 тIеман гIирсаца доьзна гIуллакх Iорадаьккхина ницкъахоша. 249 вахархочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина. Царех 62 вахархо набахте хьажийна, дIасалеларна доза тоьхна 106 стагна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG