ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн виъ студент Мисарахь чувоьллина ву, пхоьалгIачун кхолламах хууш дац


Мисаран полисхо
Мисаран полисхо

Кху аьхка КъахIирехь дIалаьцначу гIалгIайн пхеа студентех цхьаннан кхолламах хууш хIума дац аьлла, хаамбина Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутато Газгиреев ЮшаIа. Уьш дIалецаран бахьанаш талла юкъаеанера омбудсмен Москалькова Татьяна а.

Маршо Радионо яздира, дахначу шеран аьхка дуьйнна Мисарахь доьшуш хилла ГIалгIайчуьра пхи студент дIалацарх. Церан гергарчара хаамбарехь, тIулгийн цIенкъахь латтош хилла уьш, бухатийса гоьнаш ца луш, юучуьнца а кхачо йоцуш.

ГIалгIайн диаспорийн векалша митингаш дIаяьхьира, студенташ маьршабахар тIедожош Венехь а, Стокгольмехь а, Парижехь а.

Лаьцначу пхеа жимчу стагах вих КъахIирехь набахтехь ву аьлла, дIахаийтина депутато ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнца Евкуров Юнус-Бекца хиллачу цхьанакхетарехь. Цхьана студентех хууш хIума дац аьлла депутато, яздо "Интерфакс-Юг" хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG