ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов: Суна тоьхна гIуда политикаца доьзна ду


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

Невада штатан Атлетикан комиссино шена исс баттана дисквалификаци яр политикан бух тIехь ду аьлла, дIахьедина "Матч ТВ" программан эфирехь Нурмагомедов Хьабиба. Макгрегоран командан декъашхошца турнир йирзинчул тIаьхьа Нурмагомедов латаран хьокъехь байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь шаьш бина сацам бовзийтира Невада штатерчу Атлетикан комиссино.

500 эзар долларна гIуда а тухуш, исс баттана дисквалификаци йира чемпионна. Ишта латаршна юкъара ваьккхина 6 баттана Макгрегор а, 50 эзар доллар цунах гIуда а хьарчош.

Шена дуьхьал хиллачу Макгергорна тоьхна гIудда 10-зза лахара ду шена тоьхначул а аьлла, билгалдаьккхинера Нурмагомедовс.

"Соьца йолу юкъаметтиг гайтина а ца Iаш, йоллу пачхьалкхе шайн болу ларам бу цара гайтинарг. Спорт политикаца йоьзна хила ца еза", - аьллачу дагестанхочун дешнаш далийна журналисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG