ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан журналист Колвин Мэри ерна бехке Шемарчу Асадан раж ю аьлла пачхьалкхан департаменто


Колвин Мэри
Колвин Мэри

2012-чу шарахь гоьяьлла тIеман репортер Колвин Мэри ерах жоьпалла Асад Башаран режимна тIехь ду аьлла хета Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментна. Британин The Sunday Times газетан корреспондент лаьттира иза дуккхаъчу шерашкахь. ТIеман конфликташ лаьттачу регионашкара хьал довзийтарна масийттазза профессионалан совгIаташ делира цунна.

Пачхьалкхан департаментан дIахьедарехь билгалдаккхарца, 2012-чу шеран Iай Хомс гIалахь йийра Колвин. 2011-чу шарера схьа дуьйна Шемахь байинчу 126 журналисташлахь ю иза. Пачхьалкхехь кхуьуш йолчу оппозицех дуьйцурш дIасовцорхьама йийнера Колвин Мэри аьлла, тIечIагIдинера кхело, хаамбо "Голос Америки хьостано.

ДIахьедарехь билгалдоккху, маьрша нах лецарна Iамерка дуьхьал хилар а, бехкенаш жоьпалле озийта агIонаш лелор хилар а, ишта Асадан ражо байинчу нахах талламаш бийриг хилар а.

"Оха кхайкхамбо Оьрсийчоьне, Асадан режимна тIехIиттар дитий, оцу пачхьалкхехь нийсо, жоьпалла а латторна дуьненаюкъарчу ницкъана тIетар", - аьлла ду дIахьедарехь.

Байначу беттан 31-чу дийнахь Колумбин кхело Шема декхаре йина, йийначу журналистан доьзална 300 миллион компенсаци охьадилла. Асад Башаран кхечу пачхьалкхашкахь латточу активаш тIера схьадаккха а тарло и ахча.

2012-чу шарахь Шемарчу куьйгалло шайн доза хадо дихкиннашехь, дехьаяьллера Колвин. Хомс гIала кхаьчна хиллера иза, Шеман оппозицино шайн куьйгакIел латточу. Спутникан телефонца репортажаш латтайора цо. 2012-чу шеран Чиллан-беттан 22-чохь йийра иза. Ткъа 2016-чу шарахь цуьнан йишас кхелан иск чуелира, шен йиша ер Шеман Iедалхошна тIехь ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG