ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь режиссерийн лаборатори кхолла дагахь ю ГИТИС


Оьрсийчоьнан исбаьхьаллин институт – ГИТИС (Государственный институт театрального искусства) дагахь ю Соьлж-ГIалахь режиссерийн лаборатори кхолла. Цунах лаьцна хаам бина цу институтан ректоро Заславский Григорийс, Нохчийчуьрчу Нурадиловн цIарахчу пачхьалкхан театран куьйгалхочуьнца Ахмадова Хьаваца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Заславскийна хетарехь, Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь кхуллур йолу лаборатори говзанчийн корматалла гайтар а, дагадовларан а ша тайпа меттиг хир ю Оьрсийчуьрчу театрийн режиссерашна.

Кху шарахь гуьйранна Соьлж-ГIалахь хир йолу Оьрсийчуьрчу къаьмнийн театрийн фестивал дIахьош дакъалаца дагахь ю РАТИ ГИТИС. Цуьнан куьйгалхочо дийцарехь, цу фестивалах лаьцна дийца шен студенташ хьажор бу Соьлж-ГIала институто.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG