ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машен тIетоьхна зуда йийна Нохчийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Бохам хилла кIиранан дийнахь ТIехьа-Мартанан кIоштахь "Кавказ" федералан некъана тIехь. Закан-Юьртарчу яхархочунна тIе ВАЗ-21114 машен тоьхна 23 шо долчу жимачу стага. Хиллачу чевнех 40 шаре яьлла хилла и зуда елла.

Чоьхьарчу гIуллакхийн Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан севисо бинчу хаамца, бакъо йоцчу меттехь некъ хадо гIоьртина хилла кхелхина зуда.

Хилларг къастош таллам бу дIахьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG