ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

9,6 миллион адам делла дуьнентIехь онкологех


Нохчийчьура онкологин хIусам.
Нохчийчьура онкологин хIусам.

Кху дуьнентIехь адамаш даларан коьртачу бахьанашна юкъахь шолгIачу меттехь лаьтташ ю онкологин цамгарш. Дуьненан магашаллан вовшахтохаралло далочу терахьашца, 2018-чу шарах цIе ца йоккхучу цамгарх делла кху дуьнентIехь 9,6 миллион адам.

Цу гайтамехь Оьрсийчоь ю 5-чу меттехь. Кхин а чолхе хьал лаьтташ ду цу гайтамца Китайхь а, Индехь а, Iамеркехь а Японехь а. Уггаре кIезиг вочу цамгарех белларш бу Керлачу Зеландехь.

Онкологин цамгарш йолчу нехан реестр кхуллуш ю карарчу хенахь Оьрсийчоьнан могашаллан министралла. Вон цамгарш йолу нах юкъатухур бу лерринчу хаамийн базина, церан хьал тергонехь латто.

Министралло бинчу хаамца, хIинцале а хIоттийна Оьрсийчоьнан онкологин карта. Цуьнца а догIуш, уггаре а вон хьал ду Курскан кIоштахь. Цигахь хIора 100 эзар вахархочух вон цамгар йолуш ву 3239 стаг.

Уггаре кIезиг цIе ца йоккху цамгар кхетта нах беха меттиг ю Дагестан. Цигахь хIора 100 эзар вахархочух цу цамгаран бала ловш ву 835 стаг. Дагестанна тIаьхьа йогIуш ю Тыва (889). КхолагIчу меттехь ю Нохчийчоь (1024), цул тIаьхьа ю ГIалгIайчоь (1079).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG