ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доза къовсар. Кадыровхоша кIомал бухакхоьссина Дагестанерчу Iедалхочунна?


Гайтаман сурт
Омарова Саида

Социалан машанашкарчу дагестанхойн тобанаша шуьйрра дийцаредо кIиранан сарахь Нохчийчуьра ГIалгIайчу боьдучу новкъахь Дагестанан техникан инвертаризаци ечу а, латта Iедалан тергаме дерзочу а бюрон декъан хьакам Хизриев Хизри нохчийн полицино сацорах лаьцна.

Сацоран бахьана дузу машанаша хьаькаман машенчохь кIомал карорца. Ткъа Хизриевс иза шена нохчийн полисхоша бухакхоьссина боху, тоьшалла до Дагестанерчу интернетхоша.

Хизриевс Нохчийчоьнан куьйгалхой шена дуьхьалбаьхна уьш ХIинжа-ГIала баьхкича – хьошалгIа веъначу спикере Даудов Мохьмаде а, шайн мехкан Халкъан Кхеташонан гIантдега Шихсаидов Хизрига "цадогIу хеттарш" дина хилла цо, чIагIдо машанхоша. Ткъа буьйцу барам баккъал а хилла бу - дозанаш билгалдаха вовшахкхийтира шина мехкан куьйгалхой.

Хизриевс шаьш ма-оьшшу тIе ца эцна, тIех эвхьазвелира иза шайца аьлла хетта Даудовна, цундела цунна, иза шайн махках чекхволий дIасалелийла а хууш, таIзардан гIоьртина нохчийн Iедалхой, чIагIдо машанхоша.

"Куро ма буй церан кегийнах"

"Кавказ.Реалии" зIене елира Хизриев Хизрица. Цо бакъ ца до машанашкахь даьржинчух цхьадерг – наркотикаш хьехош а яцара, боху.

"Сан бала бац машанашкахь дуьйцучуьнца, цхьа а наркотикаш а яцара хьехош. Цхьажимма инцидент иккхинера полисхошца. Шуна ма-хаъара, куро ма буй цигара кегийнах. Къамел а дина, дерриг а къаьстина даьлча, дIахийцира", дуьйцу Хизриевс.

Цо ца дузу хилларг шен балхаца, дац иза Нохчийчоьнанний, Дагестананний дозанаш къасторца доьзна а, элира.

"Дозанийн хьокъехь дийца дац хIумма а, яц проблемаш. Цу тIе, со дозанаш билгалдаха я тIечIагIдан охIла а вац. И болх бийриг йоккха комисси ю, администраци ю, дозанера бахархой бу, цаьрга хатта лаьттах дерг", элира Хизриевс.

Амма оццу хьокъехь къамел дойла ца хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочун информацин урхаллан куьйгалхочуьнца Керимов Iаьлвица – цо схьа ца ийцира "Кавказ.Реалиис" тоьхна телефон.

"Шайн лаьттах метр а лур яц"

Юкъархочо, Дагестанерчу Iедалхйоцчу коммерцин организацийн кхеташонан куьйгалхочо Хадулаев Шемала шена хетарг элира Хизриевца йоьзначу инцидентах лаьцна. Цунна хетарахь цхьаболчу наха, дозанашца доьзна хIума экаме дуйла а хууш, леррина дестадо хилларг.

"Дозанаш къасторан комисси хIинцца бен ца йолийна вовшахтоха. Цхьа а шек ца хилийта, могIара нах а бу цига хоржуш, ас а теттина цига хьалха ши стаг, уьш вуно хьекъале жигархой бу. Вайн наха шайн лаьттах метр а лур яц, неханиг а ца оьшу", элира Хадулаевс.

Иза тешна ву, юкъара вежаралла дагахь а латтош, доза къастор ду бохучух.

"Цхьаьнакхетарехь хиллачара дийцарехь, Даудовссий, Шихсаидовссий дина къамел оьзда а, пайда болуш а ду, цара мохк къастош Москохара говзанчаш кхайкха сацам а бина", билгалдаьккхира юкъархочо.

Доза къасторан комисси юьззина вовшахкхетта яц цкъачунна, и болх боьрзур бу деношкахь. Амма хууш дац маца араер ю къастийна тоба латтанаш дуста.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш республикан коьртехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG