ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнна лур ду 27 млрд сом, ткъа ГIирмана – 150 млрд


Оьрсийчоьнан Iедало 2019-2022 шерашкахь ГIирмана лур ду 310 млрд сом, хаам бо Nashgorod.ru сайто. Цу ахчано гIо дан дезаш ду ГIирман а, Севастополан а экономика а, социалан сфера а кхио.

2019-чу шарахь царна лур долчу ахчанан барам бу 150 млрд сом.

Экономисташ билгалдаккхарехь, ГIирма кхиорца йоьзна программа болх беш ю 2015-чу шарахь дуьйна. Дерриг цу Iалашонна дайа дезаш ду 878 млрд сом.

Цу кеппара программаш кхочуш ян Оьрсийчоьнан Iедало хIора шарахь дотацеш ло цхьамогIа регионашна. Царна юкъахь ю Дагестан - 59 млрд сом, Якути - 44 млрд, Камчатка - 39 млрд, Алтайн мохк - 27 млрд, ткъа иштта Нохчийчоь - 27 млрд.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG