ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЖКХ-н гIирсах жоп лур дац бахархоша


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Газ а, ток а, хи а дусту ЖКХ-н гIирс нийса хиларна Оьрсийчуьра бахархой жоьпаллехь бечу назамна тIехь хийцамаш байта дагахь ю Росстандарт урхалла. Цара маьрша бохур бу нах цу кепарчу гIирсах жоп даларх. Цунах лаьцна "Российская газетана" интервью луш дIахьедар дина цу урхаллан куьйгалхочо Абрамов Алексейс, хаам бо РИА Новости агенталло.

Керла низам тIеэцначул тIаьхьа, бахархоша дан дезарг хир ду шайн хIусамашкахь дIахIоттийначу гIирсана тIекхача говзанчашна бакъо ялар, боху Абрамовс.

Росстандартан куьйгалхочунна хетарехь, карачу хенахь цу гIирсаца доьзна хьал нисса харцхьа даьккхина ду. "Иза тера ду нагахь хьо декхарелахь хилча базара воьдуш хьайн терза дахьа, и терза нийса хила деза, уьш нийса хиларан тоьшалла гайта бохуш йохкархрчу ечу Iиттаршка ладегIа а дезаш", - боху Абарамовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG