ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхачанан сурсатийн мехаш хьаладахарна 60 гергга махбархо жоьпе озийна Нохчийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Бахьана а доцуш, мехаш хьаладахарна 60 гергга Нохчийчуьра махбархо жоьпе озийна прокуратуро. 2018-чу шарахь прокуратурин белхахошна гучуяьлла, низамаш а дохош, лакхара мехаш хIиттийна иттаннаш меттигаш. Иза бахьана долуш "Роспотребнадзоран" урхалле и нах жоьпе озор доьхуш кечйина 55 материал хьажийна республикан кIоштарчу прокуратураша.

Царна тIе а вевжаш, гIуданаш тоьхна цхьа а бахьана а доцуш мехаш хила дезачул а хьаладаьхначу махбархошна.

Иштта, Соьлж-ГIалан кIоштахь таллам бича гучудаьлларг ду кхача бухкучу шина туьканахь нахана сурсаташ духкуш хилла хилар, долахочо хIоттийна мах хьала а баьккхина. Изза деш хилла Гуьмсан а, Ножай-Юьртан а кIошташкахь а. Бехке болчарна гIуданаш тоьхна хиларх лаьцна хаам бо, "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG