ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнца доза къастош дакъалаца лууш бу Бабаюртара бахархой


Бабаюьртан кIоштан карта.
Бабаюьртан кIоштан карта.

Нохчийчоьнца доза къастош шайга дакъалацийтар доьху Дагестанерчу бахархоша. Шинарин дийнахь цу хьокъехь кхайкхам бина Бабаюьртан кIоштарчу жигархоша.

Дагестанан куьйгалхочуьнга Васильев Владимире а, республикан Халкъан Гуламе а шайна бакъо ялар доьхуш кхайкхам бина цара социалан машанашкахула.

"БотIлихан а, Казбекан а кIошташкарчу юкъаллаша доьхучунна тIе а хIиттина, оха юкъараллин кхеташо кхуллу. Халкъан Гуламан комиссега доьху оха дозанаш билгалдохуш дакъала тхайна бакъо ялар, меттигерчу юкъараллан векалшца и болха цхьана дIабахьар", - аьлла ду Бабаюьртачу бахархоша бинчу кхайкхамехь.

Цу наха иштта доьху комиссин декъашхойн цIерш йовзийтар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG