ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIехь мила ву шух, "пупсикаш"?


Нах бехказбуьйлуьйту Кадыровн практика йолийна Дагестанерчу ЦПЭ Центро

"Кавказ.Реалиин" корреспондентан Туаев Мохьмадан материал, гочйинарг Димаева Лиза

Инстаграмерчу, дийцарехь, экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) белхахоша лелочу агIонехь видео яржийна, ша социалан машанехь комментари йитарна полисхошна хьалха гечдар доьхучу жимчу стеган. Къамел дийриг ву "Лакин Лига" Кубкан куьйгалхо Мугутиев Илес.

Карарчу беттан 2-чохь Инстаграмерчу dtp.dagestana пабликерчу видео бухахь Мугутиевс йитина комментари ю юьйцург.

"Дагестанан Сицили"

ХIинжа-ГIаларчу Батырайн урамехь кху беттан 2-чу дийнахь иккхина инцидент ю видео тIе яьккхинарг. "Тойота Камри" машенан долахочо цIеххьана сацайо шен машен. ТIаьхьа вогIучу "Лексус" тIехь волчунна ца тов и кеп, яздинера оцу пабликехь artemon78 ник йолчо.

"Дов иккхира цу шиннан. "Лексус" тIехь волчо шена гIо дийхира, "Нива" автомобилца схьакхаьчначу герзах боьттинчу нахе. Iаьржачу "Тойота-Камри" чохь зудий, майрий дара. Цаьрца цхьана а нисъелла, "Нива" машенчуьра герз туьйхира "Тойотан" урхалла дечунна. Кхетамчуьра ваьллачу цо газ тIе а таIийна, машен маса дIаэккхийтира. Дуьхьал йогIучу "Каен" (Porsche Cayenne) автомобилах а хьакхалуш, цхьана цIийнан пенах кхийтира машен. "Нива" чохь ши ваша вара. ТIекхаьчначу цара машенчуьра кхетамах ваьлларг хьала а ваьккхина, цуьнга бага а етташ, юха лаьтта охьатесира иза. И дерриге а оцу стагца цхьана хиллачу цуьнан хIусамнанна гуш дара", - яздина и сурт гинчо.

Ишта цуьнан информацица, дарбан цIийне валийначу "Тойотан" долахочунна операци а йинера, хIинца реанимацехь Iуьллуш ву иза.

Виртуалан ураман версеш

Хиллачух дискусси ечара дIахьедира, Дагестанерчу ЦПЭ-н белхахой бара "Нива" машен чохь аьлла. "Iаьржа куьзганаш долуш, сирчу, йиъ неI йолчу "Нива тIехь дIасалела ЦПЭ-н белхахой", - аьлла, цхьабоса дIахьедира цара. И тIечIагIдеш яра Мугутиев Илеса йитина коммент а.

Хьалхо маьждигна гергахь гира шена и "Нива", ша тешна ву, Центран белхахойн машен и хиларх аьлла, яздина цо а. ТIаьхьо дIадайинера цо ша язйинарг.

Цхьа хан яьлча Мугутиевс оцу видео бухахь яздира, ша ЦПЭ кхайкхинера, цигахь "ма-дарра хиллачух дийцира" шена аьлла.

"Ас яздинера "Нива" машенчохь ницкъахой бара аьлла. Тахана со тIекхайкхина вахара Центре. Мичара даьллера хьуна, цу машен чохь хилларш шаьш дара бахар, хаьттира соьга. Ма-дарра хилларг а дийцина, шаьш къинтIера дохуш видео дIа а язъяй, Iораяккха аьлла, тIедиллира суна. Бехказвала-м хала дацара, бакъдерг дийцича, совнах дукха яздира ас цигахь, сайна хетачу кепехь. ХIоранга а сайна гечдар доьху ас, сан дешнаш мел цатайначуьнга а. Къаьсттина къинтерабовлар доьху, ас аьшнашбинчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошка", яздина. i.n.s.a.n.e.05 (Мугутиевн Инстаграмера ник).

"Болх белаш, вежарий"

Карарчу беттан 3-чохь Советан кIоштарчу полисхойн декъе тIекхайкхира Мугутиев, дийцина "Кавказ.Реалиига" цуьнан гергарчу наха. Цигга баьхкинчу ЦПЭ-н белхахоша шайца дIавигинера иза. Мугутиевн уллорчу стага ца дийцина, муха кхерамаш тийсинера цунна, амма чIагIдо, видео цо шен лаамехь дIаязъйина цахилар.

Оццу дийнахь зорбане яьккхира видео cpe.mvd.rd аьллачу Инстаграмерчу паблико.

"Кху беттан 2-чу дийнахь "ДТП Дагестана" цIе лелочу пабликехь Батырайн урамехь "Нива" машенчуьра герзаш деттарх хаам баьржира. Оцу бухахь комментари йитира ас, ЦПЭ-н белхахой аьшнаш беш. ТIаьхьа со харц вуйла хиира суна. Сайна гечдар доьху ас полисхошка, ткъа шуьга хIоранга а боху ас, шайна хет-хетарш ма язделаш кху чохь. Хьаналчу полисхойн сий дойуш хиларан ойла а ца еш, даккхий дIахьедарш до вай. Шаьш яздечун ойла еш хилалаш", боху Мугутиевс видео тIехь.

Компьютер тIехь кечйина текст Мугутиев дIаешна ваьллачул тIаьхьа, цунна уллохь туьтмIаьжиг йоьллинчо, аз хуьйций олу "ТIаккха, пупсикаш, мила ву рогIехь?".

"Кавказ.Реалии" порталца къамелдан реза ца хилира ша Мугутиев.

Мугутиев Илес
Мугутиев Илес

Дагестанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша дIахьедина, Инстаграмера cpe.mvd.rd агIо шаьш лелош яц аьлла.

"Цхьа сурт хIоттош яьккхина видео хир ю иза. Кхузахь чIогIа дукхабеза полисхой, шайн гIуллакх хилча орца-м цаьрга доьху цара. Полисхошца гIуллакх догIуш бац дIалецнарш. МогIарера нах бу уьш. ЦПЭ-н официалехь паблик яц Инстаграмехь, хилча тхуна хууш хир дара", - аьлла "Кавказ.Реалии" портале чоьхьарчу гIуллакхийн официалан векало.

Амма бакъду, и паблик Центран хиларан билгалонаш ю, талламан барамаш, я бартхаттар шаьш дIахьочу заманчохь яьхначу операвиван съемкан видеоматериалаш оцу агIонехь зорбане йохуш хилар.

Оперативан белхахойн бен цхьанна а долахь хила йиш яц цу кепара материалаш. Цул совнах, Мугутиевн видео а хиллера Центран хIусамехь яьккхина, иза дIаязйинчу дийннехь пабликехь зорбане яьккхира.

Батырайн урамехь герзаш деттарх материал республикерчу Талламан Комитете дIахьажийна аьлла, билгалдаьккхина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь.

"Стаг вен гIоьртина хила а тарло цу дийнахь, цундела Талламан Комитете дIахьажийна оха материал. Кхийсинарг травматикан тапча ю. Лергана чов йинарг мехкан дарбан цIийне кхачийна",- аьлла, хаамбина министралан пресс-гIуллакххоша. Лазийначуьнгахь долчу хьолах информаци яц чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG