ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пятигорскерчу кхелехь болх бан лууш ву Нохчийчохь суьдхо хилла Мурдалов


2016-чу шеран гурахь «Кавказ.Реалии» портало яздира, Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада (аьтту aгӀop) Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дечу Мурдаловна йиттина аьлла.
2016-чу шеран гурахь «Кавказ.Реалии» портало яздира, Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада (аьтту aгӀop) Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дечу Мурдаловна йиттина аьлла.

Нохчийчохь тIом боьдуш а, цул тIаьхьа а республикехь суьдхо болх бина Мурдалов ТIахIир дагахь ву Пятигорскехь аьрзнаш луьстучу кхелахочуьнан меттиг къовса. Цунах лаьцна яздо "Реальное время" зорбанан гIирсо.

Болчу хаамца, юкъарчу юрисдикцин аьрзнаш луьстучу кхелийн суьдхой харжа йолаелла оршотан дийнахь Оьрсийчоьнан кхелахойн Лаккхара говзаллан коллеги. Кху кIиранах цара луьстур ду Пятигорскехь суьдхочуьнан болх бан луучу наха чуделла кехаташ. Цу курортан гIалахь болх бан лууш ву Мурдалов а.

2016-чу шеран гурахь «Кавказ.Реалии» портало яздира, Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дечу Мурдаловна йиттина аьлла.

ТIаьхьо меттигерчу «Грозный» телевизионехь Мурдаловн, Даудовн къамелехь шаьш хилла ду бохучу наха бакъ ца дира цу шинна юккъахь конфликт хилар.

Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдан куьйгалхочуьнан гIант дассаделира 2016-чу шарахь Гезгмашин-баттахь, Кадыров Рамзана шена критика йинчулла тIаьхьа Каратаев Мохьмада шен лаамехь и дарж дитинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG