ГӀуллакхерчу стагана кхаъ бала гIоьртина аьлла Нохчийчоьнан Адвокатийн коллегин декъашхо Гурсаев Руслан лаьцна Владимиран кIоштахь. Цунах лаьцна шен пресс-релизехь хаам бина Федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) меттигерчу урхалло, яздо Zebra-tv.ru сайто.
ФСБ-н белхахоша дийцарехь, Гурсаев адвокат ву Владимирерчу ИК-2 колонехь чувоьллина латточу нохчийн тутмакхан. 2018-чу шарахь Гурсаевн клиенто (цIе йоккхуш яц) кхеле дехар хьажийна хилла хенал хьалха ша маьршаваккхар доьхуш.
Кху деношкахь прокуратуран цIе ца йоккхучу белхахочуьнга дехар дина хилла Гурсаевс суьдехь ахчанах накъосталла дар доьхуш и стаг маьршавоккхуш. Талламан комитето а, ФСБ-но а цхьаьна дIаяьхьначу операцехь Гурсаев лаьцна прокуратуран белхахочуьнга 250 эзар сом дIалучу юкъана.
Нохчийн адвокатана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна боккхачу барамехь кхаъ бала гIортарна аьлла.
Владимиран кIоштан ФСБ-н урхалло шен хаам бинчултIаьхьа Талламан Комитето арахецначу пресс-релизехь адвокатан цIе а, иза схьаваьлла меттиг а хьахош яц.
Талламхоша дийцарехь, колонера араваларе сатуьйсуш волу стаг чувоьллина хилар 5 шаранна. Цул сов, билгалдоккхуш ду прокурор ахча схьаэца реза ца хилар. Адвокато бехк шена тIе ца лаьцна.