ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Имам Шемалан иэс тIехь шена са лоьхург мила ву?


Имам Шемал велла кхи цхьа а шо тIекхетарца, юха а мацахлера къовсам карлабаьккхина, иза дуьненчу ваьлла меттиг къуьйсуш.

Кху беттан 4-чу дийнахь 148 шо кхечи имам Шемал кхелхина. Ламанхойн хьалханча лаьттинчу, гоьваьллачу имам Шемалан дахарх лаьцна дуккха а историкан белхаш язбина. Къастаза дисина хIуммаъ дац цуьнан биографехь аьлла хетахь а, шо шаре кер-керла хаамаш гучубуьйлу цунах лаьцна.

"ХIаллакйира цуьнан хIусам"

Дагестанерчу имам Шемал винчу УнцΙукΙулан кΙоштарчу Гимрахь веха историк Ибрагимов Мохьмад-Наби реза вац, Шемална гонах керла истори кхолла гIертарна. Масала, оццу кIоштан Ашилта эвлара цхьа цIа юхадендан гIерта, имам чу чохь дуьненчу ваьлла бохуш. Шемалан нана Бахумеседо яра Ашилтара. Ткъа массо а хьосташа дийцарехь, Шемал Гимрахь вина ву.

Ма-дарра аьлча, 1837-чу шарахь, шен нана кхиъначу эвла дIаваханера Шемал. Цигахь хIусам а елира цунна чохь Iен, амма оццу шарахь инарла Фези хьалха а ваьлла, паччахьан эскаро хIаллакйира и юрт а, оцу заманчохь Дагестанан имам вехаш хилла цIа а.

"Суна хетарехь, дийца оьшуш а дац, цхьа а историкан хьост яц, Ашилтахь хIокху меттигехь лаьтташ дара имам Шемал ваьхна цIа аьлла, тIечIагIдеш", - боху историко.

Ибрагимов Мохьмад-Набис билгалдоккху, йа цул хьалха а, йа и хиламаш бирзинчул тIаьхьа а имам оцу эвла веана, ваьхна цахилар.

"Ишта верси лелаш ю"

Ашилтахь юьртда лаьттина, карарчу хенахь Ахулгерчу мемориалан комплексан директор волчу Алиев Султан-Мохьмада дийцира, меттахIотто билгалдаьккхинчу цIийнах лаьцна.

"Кавказ.Реалиига" дийцира цо, Ашилтахь баккъал а цхьа цIа тодеш хиларх, амма 222 шо хьалха цу чохь дуьненчу ваьлла имам Шемал бохург, официалехь хазош дац аьлла.

"Шемал цу цIа чохь вина боху верси тхан эвларчу цхьана къаночун ю. ХIинца воцуш ву иза. Цо дийцарехь, оцу заманчохь тхан эвлахь ламаст хилла, доьзалхочух йолу зуда децIахь Iаш, бер дуьненчу долучу хенахь ненера гIо хилийтархьама. Цундела лаам хилира тхан Шемалан ненан хилла цIа юхадендан", - дийцина Алиевс.

Цо бахарехь, Шемал оцу эвлахь вина бохуш, чIагIдина къано Шемалан ненан цIийнах хилла ву.

"Тхайна са а лоьхуш, истори хийца гIерташ дац тхо. Нагахь Гимрахь Шемал дуьненчу ваьлла бахахь, и "бакъ дац" баха а ца дохку тхо. Сийлахьчу имам Шемалан ненан цIа меттахIотто лаам бу тхан. ХIун хаьа, цу чохь вина хила а ма тарло иза, ишта верси лелаш хилча", - боху Алиев Султан-Мохьмада.

ГIишло дIахIоттийначул тIаьхьа, цунна чувоьддучохь у тоха дагахь ду шаьш аьлла Алиевс, и цIа имам Шемалан ненан хилар билгалдоккхуш.

ХIоранна а лаьа, Шемал шайн къомах хуьлийла

Историн Iилманийн докторна Доного Хьаьжа-Мурдана хетарехь, Шемал Ашилтахь вина хиларх цхьа а тоьшалла дац.

"Шемал шен ненан децIахь дуьненчу ваьлла бохург бакъдан - чIагIо йоллу аргументаш оьшу. Ткъа уьш яц, йа хила меттиг а бац. Суна хIинццалц схьа гина-м дац цхьа а тIетовжийла йолу документ.

Цундела со теша, Шемал Гимрахь шен ден хIусамехь вина бохучух. ХIан-хIа, Шемал Ашилтахь дуьненчу ваьлла бохуш чIагIдар, дайн дийцаршкара схьа ду", аьлла, тешна ву Доного Хьаьжа-Мурд.

ТIаьххьарчу шерашкахь тренд гучуяьлла боху Хьаьжа-Мурда: кеп-кепара къаьмнаш тешон гIерта, Шемал шайн-шайн къомах схьаваьлла ву бохуш. ГIазгIумкий, гIумкий, даьргIой - массарна а лаьа, Шемал шайн генарчу дайх схьаваьлла хуьлийла.

"ХIаъ, тхан хIораннан а орамаш цхьана кхечу къомах схьадевлла нисло. Цундела, тарло Шемалан дай а Кази-Кумухех, йа цхьа кхечу къомах хилла. Историкаш бу цу тIехь къахьоьгуш, цхьацца архиван документаш керадо царна, дика практика ю иза. Ткъа стенна оьшу дозанаш юкъара а вуьйлуш, шайна хила луург, бакъдерг санна дийца, цунах цхьа а тешар ма вац. Суьлийн доьзалехь вина ву Шемал, цундела доллу дуьненна гергахь а - суьли вара имам Шемал. Иза ду бакъдерг, иза къуьйсийла а дац", - аьлла, дерзийна шен къамел историко.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG