ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополехь къола дина Соьлж-ГIаларчу яхархочунна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Инцидент хилла Ставрополан махкарчу Георгиевскехь. Хьешан хIусамехь сецначу Соьлж-ГIаларчу яхархочуьнан чуваьлла хилла мила ву ца хуу стаг. Зудчо сихха эккхийна иза. Амма, гарехь, и стаг кхиъна цунна къола дан.

Iуьйраннна, шен ахча ца карийча, гIо дехна зудчо полисхошка. Каде хьевзинчу низамхоша лаьцна къу. Иза хилла 25 шо долу Георгиевскан вахархо. Цо мукIарло дина ша ахча лачкъийна хиларна. Къолахочо даьхьна хилла 30 эзар сом.

Бехктакхаман гIуллакх дIахьажийна кхеле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG