ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанца латтанаш хийца кийча ю Нохчийчоь


Къилбаседа Кавказан карта.
Къилбаседа Кавказан карта.

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а доза билгалдаккхарца боьзна болх кхоччуш дIабирзина бац хIинца. Цунах лаьцна хаам бина шина республикан комиссийн декъашхоша болх беш тIехьожуш хиллачу Дагестанан юкъараллан векало Хадулаев Шамила, хаам бо "Кавказский узело".

Цо дийцарехь, белхан комиссийн Соьлж-ГIалахь хиллачу кхеташонехь нохчаша хаийтина шаьш 73 гектар барам болу латта хийца лууш хиларх лаьцна.

Цул сов, Нохчийчоьнан Iедалша Дагестанан территорина юкъатоха мегар ду аьлла Кизлярана гергахь "Кавказ" некъана тIера тIай а, цунна тIе богIу маситта некъ болу территори а, боху Хадулаевс. Цо дийцарехь, и хаттар хIинца а дийцаре деш ду. Цу меттигана дуьхьал Дагестана Нохчийчоьнна дIаяла езар ю оццу барамехь йолу шен территори.

Жигархочо дийцарехь, Нохчийчоьно хьалхатеттинарг Дагестанан агIоно тIеэцна коьртачу декъана дикачу агIор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG