ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газ эцна йоьду машен бердах яхана Нохчийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Бохам хилла Ножай-Юьртан кIоштахь Кхошкелдера Бена боьдучу некъана тIехь. Газ эцна йоьду КАМАЗ машен некъах яьлла 40 метар кIоргачу Ясса хин тогIина чуяхана.

Цунна урхалла деш хиллачу 30 шо долчу стагана еза чевнаш хилла. Иза велла Ножай-Юьртарчу дарбанан хIусаме вуьгуш.

Машенан яй а баьттIа, ерриг а газ дIаяхна. Бохам хиллачу меттиге кхаьчначу орцаллин министраллан белхахойн аьтто баьлла яй эккхаран а, цIе яларан а кхерам юхатоха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG