ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шакрос къуьнан "сийлахь цӀе" юхаерзийна Букъарвоьлла Ахьмадна


Оьрсийчуьрчу криминалан низаман къуйн хьалханча Калашов Захарий.
Оьрсийчуьрчу криминалан низаман къуйн хьалханча Калашов Захарий.

Москох номер 3 йолчу талламан изоляторера хан такха ша колоне дIахьажавале хьалха Оьрсийчуьрчу криминалан низаман къуйн хьалханчо, 65 шо долчу Калашов Захарийс – Шакро Къоначо, къуьнан бакъонаш юхаерзийна 45 шо долчу гIалгIайн криминалан гонашкахь лоруш волчу Евлоев Ахьмадна, Букъарвоьлла Ахьмад а олу цунах, яздо «Прайм Крайм» хаамийн агенталло.

Дийцарехь, Евлоевн криминалан низамехь бакъонан къу хиларна дуьхьалбевлла хилла цхьамогIа криминалан авторитеташ, стохка Марсхьокху-баттахь иза Каширера номер 5 йолчу талламан изоляторехь (СИЗО №5 г. Каширы) тIехьожург хила гIоьртича.

И хьал, Шакроца дийцаре а дина, дIадерзо Ахьмад дехьаваьккхира Оьрсийчоьнан криминалан хьалханча латточу Москох номер 3 йолчу талламан изоляторе.

Иза къу лоруш боцу кхин болу криминалан хьалханчаш шена дуьхьал ца баха Шакрона маслаIатан некъ карийна, яздо «Прайм Краймо». Кхочуш Букъарвоьлла Ахьмадан кхоллам билгалбоккхур бу иза колонера араваьлча. И хан тIекхаччалц Евлоевс "криминалан низамехь къу" цIе лелор ю ша чувоьллина мел ву.

Гарехь, Шакро Евлоевна тIехIоттар доьзна ду Оьрсийчуьрчу набахташкахь дош лелар алсамдолуш болчу вайнехан юкъаралло шена гIортор йир ю аьлла иза сатесна хиларца, яздо «Прайм Краймо».

Калашов Захарий чувоьллира стохка бIаьста нуьцкъала рицкъ даккхарна, 9 шо 10 бутт хан а тоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG