ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмехь хилларг цхьалхадаккхуш ву Кадыров


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Саки гIалахь полицино лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан ГIирмерчу векалан когаметта Саидов Мурад, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Болчу хаамца, бахьана ду иза цхьана бизнесхочух латар. Саидовгара даьккхина герз а, хIоъ-молха а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хилларг къасто декхарелахь вина Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а, ГIирмера шен векал Хачукаев Iийса а.

Хиллачунна Кадыровс йинчу комментарийца а догIуш, цу девнехь дакъалаьцнарг ши а нохчо ву. Цу шинан дов даьлла бизнес бахьана долуш, и гIуллакх шаьш нийсонца луьстур ду аьлла, дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Саидовгара даьккхина герз хилла лело бакъо йолуш, боху Кадыровс.

Нохчийчоьнан хьалханчо билгалдаккхарехь, Саидов Мурад цуьнан ГIирмерчу векалан гIоьнчех цхьаъ хилла, алап а ца оьцуш болх беш волу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG