ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къайлаха мигранташ цIахьовсийна нохчийн пурстоьпаша


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Куршлойн а, Теркайистан а кIошташкахь талламаш беш Узбекистанера 3 вахархо лаьцна Нохчийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша. Уьш, бакъа а йоцуш, цхьацца белхаш беш хилла Нохчийчохь.

Къайлаха баьхкинчу мигрантех хIоранна а 2000 сом барамехь гIуда тоьхна кхело. Суьдан пустоьпаша уьш дIакхачийна Москох "Внуково" аэропорте. Цигара Узбекистанан махкахой цIахьовсийна Ташкенте доьдучу кеманца.

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло далочу терахьашца, хIара шо доладелчхьана нохчийн пурстоьпаша республикера аравьккхина низам дохош веана 7 мигрант.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG