ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Велла халкъан артист Юрский Сергей


Юрский Сергей.

Москох велла Оьрсийчоьнан халкъан артист Юрский Сергей. Цунах лаьцна хаам бина Моссоветан цIарахчу театран зорбанан сервисо.

Юрский вара Советан пачхьалкхан а, Оьрсийчоьнан а театран а, кинон а актер. Иза винера Ленинградехь 1935 шарахь.

Юрскийс ролаш ловзийна Советан пачхьалкхехь евзаш хиллачу «Королев», «Выбор цели», «Республика ШКИД», «Ищите женщину», «Любовь и голуби», «Золотой теленок» исбаьхьаллин филмашкахь.

2003-чу шарахь кхечу културан белхахошца цхьаьна Юрскийс кхайкхам бира Оьрсийчоьнан Iедалшка, Нохчийчохь тIом сацабе, машаран дийцарш дIадоладе аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG