ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дIайоьрзуш ю аналоган телевизионан хан


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Кхин а кхо де даьлча, Чиллан-беттан 11-чохь, Нохчийчохь болх бечура соцур ю Советан пачхьалкхехь дуьйна лелош хилла аналоган телесигнал. Цуьнан меттан болх бан йолалур ю терахьийн телевизион (digital television, цифровое телевидение).

Карарчу хенахь оьшург дерриг а дина республикехь телесигнал керлачу кепана тIеяккха, хаам бина Нохчийчуьрчу телесигнал яржочу центран куьйгалхочо Яременко Сергейс, дуьйцу "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Терахьийн форматехь мехаза хьажа аьтто хир болчу каналашна юкъахь ду: «Первый канал», «Россия 1», «Матч ТВ», НТВ, «Петербург-Пятый канал», «Культура», «Россия 24», «Карусель», ОТР, «ТВ Центр», РЕН ТВ, «Спас», СТС, «Домашний», «Пятница», «Звезда», «Мир», ТНТ, «Муз-ТВ».

Ерриг а Оьрсийчохь телевизион терахьийн формате яккхар дIадерзор ду аьхка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG