ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рузбане баьхкина бусалбанаш лецна ХIинжа-ГIаларчу маьждигехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Полицин белхахоша талламан рейд йина ХIинжа-ГIалахь Омаровн урамерчу маьждигехь. Цара лецна шайн декъе дIабигна рузбане баьхкина бусалбанаш. Царна юкъахь хилла "Керла гIуллакх" (Новое дело) газетан корреспондент Юсупов Идрис, хаам Кавказ.Реалиино.

Журналисто дийцарехь, иза дIалацаран бахьана хилла цо полисхоша лелориг шен телефона тIе дIаяздеш хилар.

Юсуповс дечу тоьшаллица, цуьнца цхьаьна Советан кIоштан полицин декъе дIакхачийна кхин а маситта стаг, билггала терахь хууш дац. Журналистана хетарехь, верриг а лаьцнарг хилла 6 стаг.

Чьхьарчу гIуллакхийн министраллан Дагестанерчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Омаровн урамехь оперативан-профилактикан мероприяти дIахьош хилла полисхой, яздо Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG