ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь эскарш алсамдохуш ю Къилбаседа Кавказехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Керла гIашсалтийн 2 дивизи кхуллуш ю Оьрсийчоьнан тIеман министралло Къилба тIеман гонехь. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо", шен хьостана тIе а тевжаш

Болчу хаамца, ша лаьттачу гIашсалтийн 2 бригадех йийр ю 2 дивизи. Дуьххьара дивизин бараме ялор ю Буру-гIалахь штаб йолу 19-гIа бригада, цул тIаьхьа – 58-чу армина юкъара 136-гIа бригада (Буйнакск).

Карарчу хенахь Къилбан тIеман гонна (ЮВО) юкъахь ю гIашсалтийн 2 дивизи. Хьалхара 42-гIа дивизи дакъа ду Нохчийчохь дIатарйинчу 58 армин, ткъа шолгIаниг 150-гIа дивизи ю 8-чу армин дакъа (Ростохан мохк).

Нохчийчохь лаьтташ йолу 58-гIа арми лоруш ю тIом бан уггаре говза долу Оьрсийчоьнан тIеман дакъа. Советан пачхьалкх йоьхначхьана дуьйна ерриг а тIеман конфликташкахь дакъалаьцна цо Оьрсийчоьнан къилбехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG