Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама кхочушдина Кадыров Рамзана шена тIедиллина декхар. Цо къастийна ГIирмехь Саки гIаларчу "Встреча" ресторанехь нохчий латар.
"Шина нохчочуьнан дов далар бизнесца доьзна а ду, дахаран хьолан чулацам болуш а ду. Карарчу хенахь ши а бизнесхо куьйге ваха кийча ву. Цо аьтто бийр бу дов сихха дIадерзо. Цу Iалашонца Кадыров Рамзанан векал полицица юкъаметтигаш латтош ву", - хаам бина Делимхановс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга, яздо "Комсомольская правада" газето.
Делимхановс бинчу хаамца, "Встреча" ресторанна хьалха лецначерах дукхахаберш дIахецна полицино, бехк а ца кховдош. Бухабитинчарца болх бу дIабоьдуш, юкъаозийна адвокаташ а, ницкъаллин структурийн белхахой а болуш.
"ХIоьттина хьал гергарчу хенахь дIадерзор ду Оьрсийчоьнан Федерацин низамашца ма доггIу", - боху Делимхановс.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ