ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

17 стаг а лазош, тутмакхаш летта Самарерчу колонехь  


Самарерчу колонехь 17 стаг лазийна, тутумакхаш вовшахлатар бахьана долуш. Уьш берш а дарбанан хIусамашка охьабехкина, хаам бо "Интерфаксо".

Чубоьхкинчеран дов даьлла пIераскана сарахь. ХIумакхоллуш бахаман хьашташ кхочуш дечу тобанна юкъар цхьа тутмакх сийсаз бан волавелла хIумакхалла баьхкинарш. Уьш аралилхина, цу стагана етта дагахь. Тутмакхийн аьтто баьлла бахаман тоба ехачу хIуcамна чубовла. Вовшахлеташ тутмакхаш ягийна гоьнаш а, юргIанаш а.

Цу латарехь цхьаболчу тутмакхашна чевнаш хилла, дукхачу хьолехь коьртаха, вукхара садийIина кIуьрах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG