ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн векалан гIоьнчо йиттина стаг халчу хьолехь ву - "Говорит Москва"


"Говорит Москва" радионо шен сайта тIехь зорбане даьккхина Саидовс а, цуьнан наха а йиттинчу Алиев ИбраьхIиман сурт. 

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан ГIирмерчу векалан гIоьнча Саидов Мурад бехке ван мегаш ву стаг лачкъорна. Талламхошна хиъна Саидовс йиттина бизнесхо нуьцкъала лаьцна латтош хилла хилар, бизнес лело бакъо яларна ахча доьхуш, яздо Ura.news сайто.

"QIWI (Киви) олу бохча дузучу автоматийн долахо Алиев ИбраьхIим, тIехула догIа а тоьхна, сауни чувоьллина хилла. Дийцарехь, Саидовс хIора баттахь 1 миллион сом доьхуш хилла шена и бизнес лелайоьйтург", - хаам бо "Говорит Москва" радионо. Цо шен сайта тIехь зорбане даьккхина Саидовс а, цуьнан наха а йиттинчу Алиевн сурт.

Болчу хаамца, эшам хиллачу бизнехочо Алиевс талламхошка дийцина, хьалха ша Саидовна хIора баттахь 100 эзар сом ясакх луш хиларх лаьцна.

Карарчу хенахь Алиев дарбанан хIусамехь ву халчу хьолехь. Цуьнан кагдина ду мочхал, кагбина бу мара, яздо Ura.news сайто сайто. Саидов лаьцна ву нуьцкъала ахча даккха гIортарна. Зорбанан гIирсаша дийцарехь, полицина карийна цуьнгахь баккъалла а долу герз а, серло а тухуш, гIовгIа йоккху гранаташ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG