Дагестанерчу Гумбетан кIоштара бахархой дуьхьал бу Нохчийчоьнца долу шайн доза хийца мегаш хиларна, яздо "Цензуры.нет" зорбанан хьастано.
Дийцарехь, Нохчийчоьнна дIаяла мегаш ю 100 гектар даьхни дожийла. И бахьана долуш МехIелта эвлахь леррина гулам дIабаьхьна цу хаттаро синтем байинчу бахархоша, хаам бина цу эвлан куьйгалхочо Абдулнасыров Мохьмада.
Цу цхьаьнакхетарехь бахархоша шаьш реза цахилар хаийтина доза хийцарна, латтанца доьзна хаттар ХIинжа-ГIалахь къасто дагахь бу уьш, хаам бо «МБХ медиа» хьастано.