ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Смартфонийн антирейтинг хIоттийна Statista компанино


Xiaomi Mi смартфон.
Xiaomi Mi смартфон.

Statista компанин говзанчаша таллам бина, уггаре лакхара электромагнитан тохар дон смартфонаш билгалйохуш. Цуьнан жамIаш арахецна цу юкъараллан Twitterехь.

Антирейтинган хьалхара меттиг дIалаьцна 2017-чу шарахь юкъаяьллачу Xiaomi Mi AI смартфоно, хIора цхьана кийланна 1,75 ватт электромагнитан тохар гайтам а болуш. ШолгIачу меттехь ю OnePlus 5T смартфон (1,68 ватт), ткъа кхоалгIачу меттехь – Xiaomi Mi Max 3 (1,58 ватт).

Хьалхарчу пхеа смартфонан могIа берзабо OnePlus 6T а, HTC UI2 Life а.

Антирейтинг хIоттош компанино пайда эцна немцойн радиацех адамаш лардон урхаллан гайтамех. Германехь магийтина долу электромагнитан тохаран тIегIа ду хIора цхьана кийланна 0,6 ватт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG