ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар бертахь доьзалш беха меттиг ю Нохчийчоь


Гайтаман сурт.

Оьрсийчохь уггар кIезиг доьзалш дӀасакъаьста меттиг ю Къилбаседа Кавказ. Цунах лаьцна хаам бина Росстато. Цо далочу терахьашца, цу регионехь а уггар бертахь доьзалш беха Нохчийчохь.

Иштта Нохчийн Республикехь 1000 доьзал кхоллалуш дӀасакъаьстинарг бац 2018-чу шарахь 122 доьзал а бен. ГIалгIайчохь и гайтам бу – 211.

Цуьнца цхьаьна, Къилбаседа Кавказерчу республикашна юкъахь Къилбаседа ХIирийчоь бен яц дукха доьзалш боьхна меттиг. Цигахь хIора 1000 доьзалх дӀасакъаьстина 500.

Дусташ аьлча, Оьрсийчоь ерриг а схьаэцча, 1000 керла кхоллабеллачу доьзална дуьхьал 2018-чу шарахь дӀасакъаьстина 637 доьзал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG