ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелахь лоьхуш хилла эвтархо лаьцна Шелковски кIоштахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Номерш йоцуш йогIу Лада-Веста машен сацийна хилла некъаца лаьттачу автоинспекторша Шелковски кIоштахь. Цу машенна урхалла деш хилла 59 шо долу Эвтарара вахархо.

Кехаташ теллича гучудаьлларг ду и иза стохка ГIура-беттан 22-чохь дуьйна зулам дарна шеко йолуш федералан лехамехь хилар, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо. И стаг лоьхург хилла Шеларчу полисхоша.

2018-чу шарахь ГIадужу-беттан 18-чохь бехктакхаман гIуллакх долийна хилла цу стагана дуьхьал курхалла лелорна.

Полицино болийна таллам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG