ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дахарна уггар тоьлла хьелаш долу гIала ю Осло


Осло, тоькаца лелачу автобусна лерина станци.

Дуьннена а евзачу социалан институша а, юкъараллаша а а бинчу талламан тIе а тевжина 2018-чу шарахь хIоттийначу рейтингехь дахаран хьелашца уггаре лакхарчу тIегIантIехь лаьтташ ю Норвегин коьрта гIала Осло. Цунах аьцна хаам бо Visasam.ru интернетан зорбанан гIирсо. ШолIачу меттехь ю Швецин коьрта гIала СтокъхIолм. Рейтинган кхоалгIа могIа дIалаьцна Оттаво (Канада).

Дахаран хьелаш тоьлла долчу 15 гIалана юкъахь ю кхин а 10 Европерчу пачхьалкхан коьрта гIала – Брюссел (Белги) - 4 , Рейкьявик (Исланди) - 7, Амстердам (ХIолланди) - 8, ХIелсинки (Финлянди) - 10, Берн (Швейцари) - 11, Париж (Франци) - 12, Лондон (Британи) - 13, КопенхIаген (Дани) - 14, Вена (Австри) - 15.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн коьрта гIала Вашингтон ю 6-чу меттехь, Токио (Япони) - 9, Канберра (Австрали) - 5.

Дахаран хьелаш тоьлла долчу пачхьалкхийн рейтингехь хьалхара меттиг дIалоцуш ю Керла Зеланди. Цул тIаьхьа ю ХIолланди. КхоалгIачу меттехь ю Швейцари.

XS
SM
MD
LG