ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ток ялар меттахIоттийна Ножай-Юьртан кIоштахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

КIиранан буса 11-чу сохьтехь цIеххьана ток йоцуш бисинера Ножай-Юьртан кIоштара эзарнаш бахархой. Бахьана лохуш арабевллачу говзанчашна карийнарг дара Бетти-Мохк эвлан гергахь, тIе машен тоьхна богIам а саттийна, тоькан серий хедийна хилар.

И бахьана долуш дIяйнера 58 трансформаторийн подстанци. ТIе йогIуш ток йоцуш дисинера 22,8 километр тоькан серий.

"Нохчийчоь тахана" агенталло дийцарехь, говзанчаш каде хьовзар бахьана долуш, хилларг дIанисдина 2 сахьт бен кхин ха ца оьшуш. Карарчу хенахь ток ялар буьззинчу барамехь меттахIоттийна Ножай-Юьртан кIотахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG