ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъарчу фестивалехь тоьлла нохчийн хелхаран тоба


Москох дIаяьхьначу «Folk dance» фестивал-конкурсехь толам баьккхина Нохчийчуьрчу "Заманхо" хелхаран тобано. "Халкъан хелхар" номинацин гран-при кхаьчна тобанхошна. Телевизионан проектехь дакъалоцуш хилла Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкара 60 гергга профессионалан тобанаш а, ишта СНГ-н а, кхечу пачхьалкхийн векалш а.

Мехкан куьйгалхочо декъал йина ансамбл а, цуьнан куьйгалхой а толамца.

XS
SM
MD
LG