ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинехь йоьдучу кинофестивалехь Сенцов маьршаваккхар тIедожийна


Оьрсийн набахтера украинхойн режиссер Сенцов Олег араваккхар тIедожийна Берлинерчу кинофестивалехь дIаяьхьначу акцехь. Полшин, Британин, Украинан режиссераша яьккхинчу "Мистер Джонс" кинон авторша а, украинхойн жигархоша а хIоттийнера и акци.

"Укринформ" агенталлан хаамашца, акцин декъахой цIечу кузан некъа тIе хIиттинера, карахь Сенцовн суьрташ тIехь долу плакаташ а долуш. FreeSentsov а, Freedom of speech is not a crime ("Маршонан дош – зуламе дац") дара плакаташ тIеяздина.

Аннекси йинчу ГIирмехь теракташ дан кечлуш хилла аьлла, бехкевина 20 шо набахтехь даккха тоьхна Сенцовна Оьрсийчоьнан кхело. Бехк тIе ца буьту украинхочо.

Стохка 145 дийнахь мацалла латтийра Сенцовс, Оьрсийчоьнна Украинан политикан тутмакхаш маьршабахар тIедожош.

Сенцов Олег маьршаваккха аьлла, кхайкхамбина дуьненчуьрчу гоьбевллачу културан, искусствон декъахоша а, ишта ООН-о а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Евроберто а.

Дахначу шарахь Сахаров Андрейн цIарах бакъонашларъяран совгIат дира Сенцовна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG