ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полшано Оьрсийчоьне дIавала кечвеш ву нохчо


Дозанхошца юкъахь Полшин кхайлахчу сервисаша дIалаьцна Нохчийчуьра схьаваьлла М.Нурмохьмад. Полшин зорбан агенталло бина и хаам, яздо "Московский комсомолец" хьостано.

Байначу беттан 30-чу дийнахь дуьйна лаьцначу цунна гонах охкуш бара Iедалхой. Нохчийчуьра вахархо Оьрсийчоьне дIалуш сацам тIеэцна кхелахоша кху деношкахь.

Полшин къайлахчу сервисаша "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца уьйраш хилла ву аьлла, шеконашка эцнера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG