ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкахь лелочу коррупцех 300 гергга информаци кхаьчна Евкуровга


Евкуров Юнус-Бек

Кху беттан 7-чохь Инстаграмехь шен телефонан лоьмар Iораяьккхинчул тIаьхьа 300 гергга махкахь лелочу коррупцех хаам кхаьчна ГIалгIайчуьрчу куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке. Урхалхочун пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Нагахь шайца коррупци лелийна меттиг хилахь, оцу лоьмар тIе шега хаамбар тIедиллинера Евкуровс.

"Кхаа дийнахь сан телефон тIе 280 сов хаам кхачийна бахархоша шайца коррупци лелийначу хьаькамийн цIераш йохуш. Яздина соьга могIарерчу бахархоша, кеп-кепарчу организацийн, хьукматийн белхахоша, бу царлахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ветеранаш а цхьана. ГIишлошъярехь, цхьацца Iалашонийн программаш кхочушъярехь, документаш юхаметтахIитторехь, низамаш хьоьшуш хIусамийн сертификаташ дIасадекъарехь а лелон коррупци Iораяьккхина бахархоша", - билгалдоккху Евкуровн пресс-гIуллакххоша.

Меттигерчу телевизионан эфирехь хIора кIиранчохь махкахоша чукхачон аьрзнаш дIакхайкхор долуш ду. Ишта хIора а коррупци лелийна факт талларна тIехь терго латтор ю ша аьлла, дIахьедина Евкуров Юнус-Бека.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG