ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь почтана герзаца тIелатар динарг каравеана


Хадархочунна чевнаш еш, Карабулакерчу почтана пIераскандийнахь тIелатар динчу тобанах цхьаъ дIалаьцна аьлла, хаамбина талламчаша. "Кавказский узел" агенталло яздира, коьртах чов йина Карабулакерчу почтан хадархочунна аьлла. Полисхойн зерашца, кхоъ хилла тIелеттарг, церан массеран а аьтто баьллера къайлабовла цу дийнахь.

Талламчаша оршотдийнахь еллачу информацица, зуламхойх цхьаъ каравеана, уьш берш а республикера бахархой хилла аьлла, дIахьедина талламчаша.

Ишта карийна зуламхой къайлабовлучу хенахь цаьргахь хилла "Лада Приора" машен а, дIахьедо ГIалгIайчоьнан Талламан комитето.

Почтана тIелатар дина, 400 эзар сом даьхьнера цара дахначу пIераскандийнахь. Бехкзуламан гIуллакх айдина царна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG